Фасхь Маьждиг.
Иза историн маь1на долуш ду, х1унда аьлча иза доьзна ду Ухьуд т1амца. Т1ом д1абаьлчул т1аьхьа Пайхамара (Делера салават, салам хуьлда цунна) делкъа а, малхбуза а ламазаш дира кхузахь. Шен дег1а т1ехь чоьвнаш хилар бахьан долуш, хиъна 1аш дир цуо и ламазаш, цуьнан асхьабаш а дира, цунна т1ахьах1иттина хиъна 1аш ламазаш.
Цу маьждиган Фасхь олу ц1е ша х1оьттина йу — цигарчу ломах, цунна ша гена боцуш болу.









