Бану Хьарам маьждиг. Мединатехь, Сал1 ломана гена доцуш, Бану Хьарам… — Диканиг де алар — TG.ME

Бану Хьарам маьждиг.

Мединатехь, Сал1 ломана гена доцуш, Бану Хьарам тайпанан к1оштахь ду и.
Хандакъехь хиллачу т1амца доьзна а ду и.
Кхузахь Элчано (Делера салават, салам хуьлда цунна) ламаз дина хилла, окоп йоккхуш.
Оцу меттигехь хилла Жабир ибн 1абдуллах1ан (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усам.
Кхача алсамбаларан тамашийна х1ума кхузахь лелла хилла. К1еззиг болу кхача кхачаме хилла дуккха а бусалба нахана.
Маьждиган ц1е схьаяьлла оцу к1оштахь дехаш хиллачу Бану Хьарам тайпанах.
July 14, 2026 126