Аль-Мустарахь маьждиг. Иза Мадинатехь уггаре а ширачу историн… — Диканиг де алар — TG.ME

Аль-Мустарахь маьждиг.
Иза Мадинатехь уггаре а ширачу историн маьждигех цхьаъ ду, иза Элчанан (Делера салават, салам хуьлда цунна) дахарца доьзна ду.


Мустарахь ("сада1ар" бохучу дашах схьадаьлла ду) – х1унда аьлча, Ухьуд г1азотера ц1авог1уш, кхузахь сада1а сецна Элча ﷺ .

Цунах кхин а олу «Бану Хьарисат» маьждиг, иза оцу тайпанан латтанаш т1ехь хиларна.

Кхузахь пайхамара ﷺ шен герз охьадаьккхина хилла т1ом чекхбаьлча.

И маьждиг — Пайхамаран ﷺ маьждигана гена доцуш, Ухьуд лома боьдучу новкъахь ду.
❤4
July 19, 2026 123