Дага догӏу суна:
Вай дуьйцу,вай тӏамхоша хьегна къах лаьцна,царна цу тӏехь хилла йолу хало, бӏайншкахь чакхармшкахь бина некъ, лайна шелонах а,мацаллах а лаьцна.
ТӀамехь уггаре йоккха хуьлуш йолу хало - иза,хьан уллера доттагӏ,ваша лазийча,хьан цунна дан гӏо а доцуш,дан дарба а доцуш,жим-жима леш,хьан ваша ,хьан карахь кхалхара дара.
Юха,цулла хала хилара,и хьайна везаш волу и хьай ваша дӏа волла хьоьгахь ницкъ ца хилар,шелонна каш даккха ца далар.
Дага догӏу суна:
Хала хилара, хьоьгара гӏо оьшуш хьан ваша хилча, амма хьан аьтто ца хилахь цунна гӏо дан, иза хьайна генахь хиларца тӏе ца кхачалуш,я хьо гӏад дайна хиларца.
Хала хилара,хьо меца шила волуш, иштта хьо санна хьан ваша а иштта волуш,иза кхин чӏогӏа хала хилара.
Амма хаза хилара,хьай кара цхьа хӀума диъча, ахьа иза цаьрца доькъуш.
Вовзара хьуна хьой цигехь, мел ваша ву хьо,хьай вешина.
Хаза хилара цхьа цӏазам боькъуш итта вашас. Хаза хилара, цхьа хӀума йоькъуш я шовзткъа кхойтта стага. И тайпа хӀума бахьнехь чӏагӏлора вежралла а,барт а.
Дага догӏу суна:
Хьай вешин цхьаъ лозучу хенахь,хьай иза лозуш санна хилара хьо. Хьайга,цунна далундерг шадеригге дора ахьа, хьайна мял хала хиларха чот ца еш. Нана Шен беранна санна хьожара хьо цараха.
Дага догӏу суна:
Иштта цхьаьна дийнахь аьхка дара иза, хьала даьлла гӏа дара хьаннашкахь,декаш шай эшарш лоькхуш хаза бес-бесара кепа-пара хьозий дара.
Иштта хьалха ваьлла воьдуш Турпал вара, цунна тӏехьа хӏиттина кхин тӏамхой а болуш, царна юкъахь вара Мухьаммад ( Нурдин ) а, уьш бара омар кхочушдеш Рамзанан.
Тӏамхой тӏе ӏитта белира муьжгашна. Уьш бара хьаннашкахь таллам беш.
Уьш,шаьш даиманна тап аьлла богӏура, тӏехьа-хьалха а хӏоьтти, амма герза тоха долича мохь болара церан.
Иштта Турпала, шена уьш гарца а,ша шен маса топ а йуьйлина вогӏучу дӏа тӏе яссийра шен карахь ерг.
Цо,царах хьалхаверг шиъ вийра.
Амма цара а схьа туьйхира герза, маьттаза къамелаш а деш.
Цхьана тӏамхочунна белшаха кхитира, иза дӏа такхийра Мухьаммада ӏин чу. Юха хьала ведда кхин дӏа цаьрца тӏом бира цо.
Тӏамхой вархӏ вара.
Цхьаъ, шен цӀе ӏусман йолуш, шершина ӏин чу воьжира, иза цу чу воьдучу хенахь, диттан орамах таса а велла, ха каггийра цо.
Дага догӏу суна:
Мостагӏ дукха волуш тӏамхойн буха бовла бийзира, т1къа ӏусман цӏачунна висира кхолуш цу диттан орамах таса а велла.
Дага догӏу суна:
Амма йиш яцара,я бакъо а яцара иза Ӏад витина дӏа даха кхолуш волуш.
Цундела Мухьаммада ойла йира ӏусман кӀелхира муха ваккха веза аьлла.
Цо сихха ойла йина вежаршка элира, буха виснарг Мухьаммад а тӏехь пхиъ бенна вацара.
Цхьаъ лазийна вара, белшах кхетта, ткъа ӏусман кхолуш вара, кхетамчуьра волуш,кхетамчу вогӏуш шен хьелаш хийцалуш.
Дага догӏу суна:
Мухьаммада элира:" Со а соьца кхин цхьаъ а гу тӏохла схьа вогӏар ву, ткъа шиъ гуна аьттонан агӏора вогӀар ву,ткъа цхьаъ иза исшархо вара,аьрро агӏора шен меттиг а кеч бина дуьхьало йира ю.
Дага догӏу суна:
Массаран цу тӏехь барт хилира, Мухьаммада ма аллара хӏорама цуьнан омар кхочуш дира.
Дага догӏу суна:
Ӏусман кхолучу меттехь нис тӏохла дӏа хӏиттира,шай дера а болуш муьжгий.
Кхин генахь а бацара уьш, шайга турмалчухуьла хьежа. Гуш бара тӏамхошна уьш.
Дага догӏу суна:
Мухьаммада хьалха дӏа вола велира,шена тӏехьа хӏоьттина кхин цхьаъ волуш,ша герга кхачалци Мухьаммада шега ма хьакхало мохь а хьокхуш элира:" Аллах1у Акбар! Тӏе ягӏийта,ма кхоа йееее!".
Цунна тӏехьа волчо а,иштта аьтто агӏора волчу шимма а тӏе ягӏийтира. Ткъа къаьстина дика болх бира исшархочо. Ша мичара етта а ца хоуьйтуш, цо дукхахберш охьа бехкира цхьаццанна тухуш.
Мухьаммада юха иза хьаста а вира :" Хьайниг юкха дика топп ". олуш.
Дага догӏу суна:
Шайна кхаа меттера тӏе дятта герза ла ца делла муьжгий юха охьа биссира цу гу чура.
Шай байанаш ӏад битира цара.
Цара ӏад битина болу кхо бугӏул а,иштта кхин йолу хӀума а йисира царна хӏонсанна.
Ткъа ӏусман кӏелхара ваьккхира кхолуш волчуьра.