Шен дешан да хилар – къонахчун амал.
Къонахчун амалехь ца хилча ца долуш хIума ду – шен дош лардар. Дешан да хилар бохург дош шалха цадалар, иза кхочушдар бохург ду. Цкъа делла дош юхаэца йиш яц къонахчун, хIунда аьлча дош ца лардинчу стеган къонахалла шеконе йолу тIаккха, цунах болу тешам жимло, цуьнга болу ларам а байло. Цундела ду къонахчунна ша делла дош лардар сел сийлахь а, деза а. Шена мел хала делахь а, дош кхочуш ца дича ца волу бакъволу къонах.
Халонаш тIехIиттича, шен даша тIера стаг волуш велахь, иза къонах вац. Ишттачу стагаца юкъаметтиг хила нахана луур дац.
Тахана къаьсттина дукха нисло стага шен дош дохош, цу тIера юхаволуш меттиг. Хала хеташ делахь а, вайн заманахь хуьлуш хIуманаш ду уьш.
Дош даларан а ду шен некъаш. Хьайга далур доцу гIуллакх, дийр ду аьлла, тIелаца ца деза.









