Ассаламу 1алайкум. Валлах1и дукх боьхал гина суна, дукх осал х1умнаш гина суна, делахь а, х1оразза и масуз го дог тоха лой, ч1ог1 хала хета суна. Х1ар видео, кхулла ирч дукх х1умш гина суна, амма х1окхунах бахьан даьл х1ар язош ву со. Со жим волш дуьйна, вай къома история 1амош кхиин ву со. Т1акх и къонахий буьйцаш, сий долу мехкари буьйцуш, и вай тарихь йойзаш 1аш вол, х1ар санна йолу х1ум гича даг дог1акх, ванах, суна бийцан болу Нохчи ишт ма бацара, ас 1амийна история т1ехь берш ишт ма бацара оли, цхьанахь кхечанахь бу теша и суна бийцан болу Нохчи?! Хьовсиш окх пайд боц х1умне, Аллах1о д1а йоккхийла х1ар наджас, х1окхунах тер маьл ега а. Шаьш ху дин пайд боцш йойр ю ца хууш, шаьш ху дин осал лелар ю ца хууш лелш ду х1ар ж1алеш. Валлах1и вайн наб кхетта шун, вай наб еш хилари тер х1орш сам йойла, вай сам ца довлахь, кхи цхьа т1ехье йоцш дуьсш ду шуна вай. Вай х1оранне декхар ду шуна оц нахе д1а ала, шу пайд боцш лелш ду, шу осал лелш ду, мет юьйла х1ай боьхумш аьлла! Тахан уьш куьйгац совцо йиш яц хийра стега, уьш ларош буй хаа вайна, амма цера гергар неха ала йиш яра и, амму уьш бала болш бац. Дешац аьлла ала дезш ду шун вай, ма де царн подписываться, ма е уьш тергал, аш уьш тергал ца бахь, д1а йойра ю шуьна уьш кху чур. И пайд боц нахах «приход»тухш ду тхо бохуш, эзарнашкахь царн т1е даза дел, царна лууг деш 1аш ма ду шу. Тахан ца кхетш хир ду шу, амма кхи итт шо даьлч кхиъ ирч хьал хир ду шун, вай х1ар ишт дитахь. Т1акх шу кхета кхет, доьзалш болш 1аш хена т1ехь хир ду. Хьа к1ант ишт пайд боц хумнаш гал воккхар ву, хьа йо1а йоккхар ю, т1акх т1ехь хир ду, амма тахан т1ехь дац, сам довл цхьа жима, ма е и наджасш тергал, доьхьал дол ала царна.