Хӏора канал, йа цхьа интернет агӏо лелош волчу стеган дахарехь цхьа мур тӏе кхочу и тӏе кхаьчча цуьнан канал лело дог ца догӏу, бӏаьрсано гӏо ца до, пӏелгаш доьхьала довлу, иэс а йамарт хила долало, тӏаккха ша къанойх хета волало цунна, цунна хӏинца ца лаьа шен дахарехь мел гуш дерг телпо тӏе пӏелгаш шершош, и йаздеш даржош валла.. Цунна лаар хаза воккха, лераме стеган духар доьхна, шен берийн бераш улле а даьхна юртахула адам кӏезга долчехула вола вала «хьовсал дади бераш, иштта, вуьшта ма хилалаш, шу даха! Шаьш ледара ма гайталаш, шайна мел хала хиларх а! Хьажал хьенех, хьайн да санна мича эккхар ву ца хууш ма лелалахь, цӏий шийла, дог шен метта хилалахь.
Ткъа хьо, хьенех, хьан да шен вешел собаре велахь а, ойла шен метта велахь а, кхин а собаре хила веза хьуна хьо, нахах атта ма тешалахь, со вала хьа! Шун дай вон бу ца бах аса, суна лиънера шун дай сайла а дика хилийта, ткъа шу, шайн дайл а, сол а дика хилийта лаьа суна..»
Кхин а масне хир дара уьш деден шен кӏента берашка дийца, ша валале)

4August 25, 2026 649 5