MOMSAR: post #867 — TG.ME

Имам Ахьмад дуьненца муха зийра (цхьадерг).

Имам Ахьмадана тӀе харцо кхоьллинера иза шийӀахой ларбеш, Ӏедалах лечкъош ву аьлла. Баьхкина цуьнан хӏусам теллина иза цӀена вуй хиира царна.
Цуьнан кӀанта Со‌лихьа дуьйцу:
Цул тӀаьхьа ши де даьлчул тӀаьхьа Ӏалий ибн аль-ДжахӀма (Байтанча хилла ву, ДжаӀфар аль-Мутаваккил куьйгаллехь волчу хенахь цуна уллехь хилла, цул тӀаьхьа иза емалвеш байташ язъйина гена ваьлла иза цунах, цо язъйинчух ю, тарих юьйцуш исбаьхьа байташ: https://youtu.be/r02Nuhxi3g0?si=ZmysPgOGFcAOevqO.
Иза кхелхина 249 хӀ.ш.) кехат даийтира:
«Бусулба нехан амирана гергахь хьуна тӀе кхоьллинчу харцонах хьо цӀена хилар билгалдаьлла. (Къуръан кхоьллина ду бохуш хилла) бидӀатан охӀла чӀогӀа сатуьйсуш бар хьоьгара цхьаъ даларе, АллахӀан хастам бу уьш хьох ца кхардийтина волу. Бусулба нехан амира хьо волче воуьйтуш ву ЯӀкъуб, Къовсара аьлча воьвзуш ву иза, цо хьуна дахьаш амиригара цхьа совгӀат а ду. Амирас хьуна тӀе дуьллу хьо ша волче схьавар. АллахӀан доьхьа, АллахӀан доьхьа, ларлолахь ца вогӀа аьлла бехказаваларх а, цуьнан совгӀат къобал цадарх а.»
...
Цул тӀаьхьа цхьа де даьлча ЯӀкъуб Къовсара схьа кхечира, сан да волче чувеара иза, цо элира:
«хӀай Абу ӀабдиллахӀ! Бусулба нехан амирас хьоьга салам-маршалла доуьйту, цо хьоьга дӀа ала бахар: "хьо цӀена хилар билгалдаьлла тхуна, хьо сайна уллехь хилийта лаьа суна, хьан доӀанах беркат а оьцуш. Аса хьуна даийтина итт эзар дирхӀам, цунах хьо схьавогӀуш некъахь гӀо хир ду хьуна. Ассаламу Ӏалайкум!"
Цо тӀоьрмаг схьакховдийра цу чохь дар и ахча. Сан да дӀа а ца хьаьжира цу ахчане.
ЯӀкъуба элира:
"кхана юхавогӏура ву со хьан хӀун сацам хилла хьажа..."
Суьйранна тхан дас элира соьга:
«Со‌лихь! ДӀа даккхахь хӀара ахча кху чура, хьо волче дӀахьо иза!»
Аса дӀадаьхьира иза.
Ӏуьйра ламазан хан хила герга яхча сан дас мохь туьйхира соьга: «во‌ Со‌лихь!» - аьлла.
Хьала а гӀаьттина и волче чувахара со.
Сан дас элира:
«Со‌лихь! Сийсара наб ца йина-кх аса.»
Аса элира:
«Дада, хӀунда ца йина ахьа наб?»
Велха волавелира Дада, цо элира:
«Хьалха вукхаьрца (Къуръан кхоьллина ду ала бохуш, зуьш, хьийзош, чувуллуш, етташ) зер хиллера суна. ХӀинца къан веллачу хенахь хӀокхаьрца зер хилла-кх суна. Сан сацам хилла: сатесча и хӀума (ахча) дӀаса екъа еза вай.»
Аса элира:
«Дада хьуна луарг дийра ду вай!»
Сатесча Хьасан ал-Базза‌р веара, Дадас элира:
«Со‌лихь! Схьа да терза! Ансарийн, мухӀажарийн бераш долче нах а бахийта!»
Цул тӀаьхьа элира:
«Хьенех волче дӀадахьийта! Цо ша волчахь дӀасадоькъура ду, иштта минех волче а!»
Иза дӀасадоькъучура вуха ца велира и тӀоьрмаг бериг бассабаллалц, ткъа тхоьгахь хилла долу (хьал, къелла) цхьана АллахӀана дика хаьа.
ТӀаккха цхьама хабар дахьийтира бусулба нехан амире:
"Ахьмада шена даийтина хилла долу ахча цу дийннахь дӀасадекъна" - аьлла.
Ӏалий ибн аль-ДжахӀмас бах: аса элира:
«ХӀай бусулба нехан амир! ДӀасадекъна цо и ахча! Делахь а нахана хаьа цо иза хьоьгара къобал дина хилар. Ахьмад ма ву иза! Цо хӀун дийра дар цу ахчанах? Цуьнан бериг кхача хене валлал цхьа бепиган кийсак бен ма йац!»
Амирас элира:
«Нийса бах ахьа, Ӏалий!»
👍22💔3😢2
January 4, 2024 1.9K 38