2039-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Шен нана еллачо ша цӏахь ву олий… — Нохчийн дешначу нехан кхеташо — TG.ME

2039-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Шен нана еллачо ша цӏахь ву олий, цхьа де билгалдоккхий схьадуьйла олу, ша иштта хӏокху дийнахь сарахь цӏахь хуьлу олий. ТӀаккха адам тӏедоьду и волче, ният долуш оцу вешин юьхь гиначул тӀаьхьа чу а ца доьлхуш дӏагӏур ду вай олий, амма оцу вешо илла а, билла а чай ца молуш ма гӏахьара олу, шена новкъадогӏур ду аьлла. Тӏаккха а вежарий дӏабоьлху чу ца бохуш. Иштта меттехь шарӀангахь хьукма муха ду-техьа, мегий чай молуш, ламаз деш чуваха, я хьарам ду-техьа цу чу а вахана цуьнан кхачанах кхетар?

✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
September 27, 2026 193 1