Берриге хастам бу Хьуна, йа Аллах1,
Ахь деллиг, юха тоха цхьа вац.
Ахь сациниг, дала цхьа вац.
Ахь тилвиниг, нисва цхьа вац.
Ахь нисвиниг, тилва цхьа вац.
Ахь генадаьккхинарг, улле дало цхьа вац.
Ахь улледалиниг, гена даккха цхьа вац.
Йа Аллах1 хьай беркаташ а, къинхетамаш а ло Ахь тхуна.
Йа Аллах1, чекх дер доцу ни1матш доьху ас Хьоьга.
Кхераман денахь маршо йоьху ас Хьоьга, йа Аллах1.
Йа Аллах1, Ийман хаза де ахь тхуна, куфр а, къинош а цадезар ло Ахь тхуна, нийсачу новкъ даха Ахь тхо.
Бусулба долуш кхалхар ло Ахь тхуна, дикчу нахах д1атох Ахь тхо.
Forwarded fromСинан кхача
March 15, 2026 1K 1