Бусулба динехь инвалидашца муха хила веза, уьш муха лелон беза… — Ӏиндагӏ — TG.ME

Бусулба динехь инвалидашца муха хила веза, уьш муха лелон беза дуьйцучу жайнех цхьа жайна ду хӏара. Бусулба дино дӏатоссуш вац цхьа а инвалид хиларх, йа тергам ца беш вуьтуш а вац и мел чӏогӏа цомгаш хиларх, ур-атталла иза ненан кийрара бер далахь а. Амма атеисташ, керста наха церан беш болу лерам тарихехь гина вайна, тахна беш берг а гуш бу .. Лерам, ӏуналла дар-м дуьйцур а дацар вай , новкъа хӏуманаш ю уьш бохуш, бойъуш бацахьара, девзткъа шо хьалха кхо бӏе эзар цомгаш стан вийна цара, бӏаьрг негӏар а ца тухуш, пайдехь хӏуманаш яц, аьлла. Дӏаязъе шайн chatGpt чу «AKTION T4»алий, йа доцца «Т4» алий. Схьагур ю шуна цера «адамалла». Къена бу, ирча бу, цомгаш бу бохуш, дарбанц1аш чохь адамаш дойъуш лорйижарий, лорвежарий бу х1инца а. Цул а 1аламат дерг - царна шаьш уьш боккхачу баланах хьалхабаьхна хета. Церан ирча кхетам бу иза. Церан кхетамах цхьа ирча кхетам…
🔥3
September 29, 2025 313