Цхьа пайдехь йолу статусаш хӏиттайо вай. Вайн тӏеӏаткъам бинарг кхечунна а гайта лууш. Амма аш цхьа х1ума зийний: йоьшу вай статусаш (хьадисаш, аяташ, ӏелимчнех дешнаш и. кх. д1.) йоьшу-йоьшу… цхьаъ цхьана тӏехула… амма чаккхенехь цаьрца ӏамал ян ца ларво-кх. Ерриге коьрто схьа а ца лоцу. Тӏаккха вайн хан эрна яхна хуьлу. Цулла а цхьа хьадис дешна, цуьнца ӏамал йинехь вай.... Асхьабашкара деъна (Аллахӏ реза хуьлда царна) - цара итта-итта аят ӏамош хилла аьлла. ӏамийна итта аятан хьанал, хьарам дерг девзина, цаьрца ӏамал йиначул тӏехьа бен тӏехьа догӏу итт аят ӏамош ца хилла цара.
March 24, 2025 634 7