اللَّهُمَّ ارْزُقْنِي حِفْظَ الْقُرْآنِ، وَفَهْمَ الْقُرْآنِ،… — До|анаш. — TG.ME

اللَّهُمَّ ارْزُقْنِي حِفْظَ الْقُرْآنِ، وَفَهْمَ الْقُرْآنِ، وَالْعَمَلَ بِالْقُرْآنِ، وَهِدَايَة الْقُرْآنِ، وَشِفَاءَ الْقُرْآنِ، وَنُورَ الْقُرْآنِ، وَصُحْبَةَ الْقُرْآنِ، وَبَرَكَةَ الْقُرْآنِ АллахӀ Дела, лохьа суна Къуръан дагахь латтадар а, цунах кхетар а, цуьнца Ӏамал йар а, цуьнца нисъялар а, цуьнан дарба а, цуьнан нур а, цуьнца доттагӀалла а, цуьнан беркат а... اللَّهُمَّ اجْعَلْنِي فَتَاةً ذَاتَ خُلُقٍ وَدِينٍ وَصُحْبَةٍ صَالِحَةٍ АллахӀ Дела, хаза гӀиллакх а, дин а, дика накъостий а болуш йехьа со... اللَّهُمَّ اجْعَلْنِي صَالِحَةً مُصْلِحَةً تَقِيَّةً نَقِيَّةً وَاجْعَلْنِي مِمَّنْ لَا يَفْعَلُ إلَّا خَيْرًا وَلاَ يَقُولُ إلَّا خَيْرًا وَلاَ يُذْكَرُ إلَّا بِالْخَيْرِ АллахӀ Дела, суо дика а, нах нийсачу новкъа нисбеш а, Хьайх кхоьруш а, цӀена а йехьа со... Диканиг бен ца дечарех а, диканиг бен ца олу царех а, наха дикачу дашца бен ца йуьйцучарех йехьа со... وَاجْعَلْنِي ابْنَةً بَارَّةً وَأُخْتًا رَحِيمَةً وَصَدِيقَةً وَفِيَّةً، وَعَلَى الْعَابِرِينَ غَيْمَةً مَرَّتْ وَلاَ ضَرَّتْ عَبْدًا مِنْ عِبَادِكَ АллахӀ Дела, йехьа соьх дена-нанна муьтӀахь йоӏ а, къинхетаме йиша а, тешаме доттагӀ а, новкъахь тӀехбовлачу нахана, цхьанна а зен а ца деш, тӀехтилла марха санна...

August 26, 2026 6