И кlант волчера доцуш, сай дехар дара сан, соьгара, айса олуш. Уьш-м дехар дечехь хира бац, шадолу дуьне гат делла хьийзаш.
Массо адми дегнаш цхьатера дац, собар цхьатера дац. И видео гинчу хlора адми дог lовжийна хилча, и волчу неха дегнаш лелхийта дохку вай? Тахан дlа тоьхча, схьа тоьхча и ю массеран статусехь. Хlора адмо шеца дуьстича, цхьа а мегар вац ишта долчуьнга хьоьжуш. Цхьан де-нена кlант ву иза, цхьан де-нена кlента кlант, йоьlа кlант ву, йиши-веши кlант. Цара шай са дlа лура дара цуьнна хlумма ца хилийта.
Цхьанне и статусе кхоьснера аьлла нислур долуш хlумма дац, цулле и дlа яьккхича дик хира дацара? «Йиши дог вешина лезна» бохуш тlе дешнаш яздеш дlаса кхуьсса видео яц иза, ларамца…

10August 23, 2026 807 3