Хьуна моьттуш хира ду айха къа массоза лета до, Аллах|ас хьо д|а тесна, Аллах|ана ца веза. Х|ан-х|а иза хьа нийса ойла йац Аллах|ан хьокъехь
Къуръан айат ду: «Аллах|ан лаьа шун тоба къобалдан…» 4:27
Т|аккха ойла йе х|инца, ахь къа лета деш хан чохь а, хьа куьг, хьан б|аьрг, хьан батт, хьан когаш, хьо муьллох къа лета да воллуш хена чохь, хьан муьллох йолу межено Аллах|ега пурба доккхуш хилар
Хинца хьажалахь, сурта х|отта де хьан коьрта чохь, аса Аллах|ан шена лайн хьокъехь болу безам схьа гойта хьоьга
Нена а, шена доьзалхочунца дов даьлла, нена вас хуьлуш д|айса къаьста уьша. Цу юккхахь де долу, вовше к|ант а Нана диста ца хуьлу, амма стоьла хьалха кеч дина даар хуьлу, т|е йухуш йолу бедар ц|ена кеч йина охьа йилна хуьлу цуьнан, ц|ена мачаш хуьлу цуьна не|ан юххахь. Вовше оьг|аз дахна ду уьша, амма нена шена доьзалхонах дог лозу, са гатта до, и оьг|азало дог ца дуззу оцу Нена
Хинца ойла йе, Аллах|а хьоьга ма де бохуш долу х|ума дина ахь, Аллах|а реза вац хьуна, амма цо хьуна стиглара ткъес ца тоьхна, цо хьо жоьжхате ца кхоьсна, цо хьан дог ца сац дина, ахь пуьтш массоза буьтту, хьан мотта ца сацина цо, уггар хьалхара цо ахь къа лата дин хан чохь |ожал т|е ца кхачитна
Хьо Аллах| цхьаъ веш маьл ву, Элчан ﷺ бакъ веш маьл ву, хьан |ожалла т|е кхаччалца Цо хьан тоба къобал деш ду! Сихалло йе тоба дан, Аллах|ега йуха верзархьам!
схьа аьцна йу.