Пайхамара (АллахӀера къинхетам а, маршо а хуылда цунна) аьлла:
«Нагахь шух цхьаъ сандалеш (мачаш) тейоха волахь хьалха аьтту агӀор (кога) юхийла, уьш дӀаяха лиъча - аьрру агор (когара) йохийла. Я шина кога йоьхна, я шина когара дӀаяьхна хуьлда» (Муслим)
Хара суннат бусалба стага дийнахь-буса мосуьйттазза а лелош ду, хунда аьлча мачаш кога а юху когара дӀа а йоху: маьждиге воьдуш маьждигера юхавирзича, нишка воьдуш - нишкара араваылча, балха воьдуш балхара цӀавирзича. Нагахь суннатехь ма-дарра мачаш кога а йохахь, когара дӀа а яхахь, суннат кхочуш даран негат а долуш, — доккха дика а, дуккха а яла хир ю оцу стаганна. Цуьнан дерриге лелар а хир ду суннатехь ма-дарра.
@buslba_din