Тӏеххьара телефон чухула Шайх Абу Исхьакъ Аль-Хувайнис дина къамел… — Ӏиндагӏ — TG.ME

Ӏиндагӏ<unknown> – lmklm_l_khyr_maa_lshykh_lhwyny_yqwl_k_n_ldny_khrjt_mn_qlby_r1e12
Тӏеххьара телефон чухула Шайх Абу Исхьакъ Аль-Хувайнис дина къамел : Делора сан хьал дуьне дагачура дӏаьдаьлча санна ма ду , со вац цхьанна а хӏумане сатуьйсуш, ян цхьа а хӏума оьшуш а: бераш, ян зуда, ян цхьа а хӏума а ца оьшу дуьненчуьра . Аса сатуьйсуш дерг Аллахӏан со везар ду , Пайхамаран (Делера салам маршалла хуьлда цунна) везар а ду. Сан дахар, сан жималла, цуьнан дахаран гонаха хьийзаш дара , цуьнан сибаташ гулдеш , цуьнан дахар толлуш.. ма чӏогӏа сатуьйсу аса цунна уллехь нисвелла цуьнан когашна берташ яха. Делора ,Делора ,Делора цуьна юьхь-сибат сайна цхьауза гойтург сайн дерриге даьхний, сайн доьзал дӏалура ма бара аса, цуьнан юьхь-сибат цхьауза гойтург.. Аса сатуьйсу со хилар хьадийсехь Пайхмара (Делера салам маршалла хуьлда цунна) хьахийна волчух: "Шен умматах ша чӏогӏа дукха везаш стаг ву, шен даьхний, шен доьзал дӏаделла а ша гаре сатуьйсуш". Ас сатуьйсу и стаг со хиларе, цуьнан юьхь-сибат гаре сайн доьзал, даьхний дӏаделла а ..Пайхамарах ﷺ лаьцна хӏара къамел деш сайн дог кийрара арадаьлла хеташ ву со.. (воьлхуш ву Шайх)...
Цуьнан мутаӏелама кхин д1а боху: Аллахӏа реза хуьлийла хьуна .. Аса доьху Аллахӏа хьо Пайхамарца ﷺ гӏатта вар, оха тоьшалла до хьуна ахьа Пайхамаран ﷺ суннат тӏехь къахьегна хиларца, даржийна хиларца, ахь уьш цӏандина хиларца, лардина хиларца. И дерриге бахьан долуш хьуна Пайхамара ﷺ шафаӏат даре сатуьйсу оха, хьуна и гаре, хьо цуьнца гӏатторе, цуьнца ялсамане вахаре..

Амин Йа Аллахӏ, Сийлахь Аллахӏа къинхетам бойла хьоьх Шайх Абу-Исхьакъ Аль-Хувайний, фирдовс ялсамане а лойла Цо хьуна!
🔥3💔3
March 18, 2025 519 8